Забаре миниатюраш бесплатное чтение

1. 1ашхой-мартанхочун забар.
– Хьажахь, дукхавахарг, х1ара х1ун юрт ю? -хаттар дина катархочо валаргхочунга.
– Валарг ю-кх, – жоп делла валаргхочо.
– Валарг-м шаверг а вара шу, юьрта ц1е йийцахьа, – бегаш бина катархочо.
– Деллахь ца хаа, Валаргий, Катар-Юрт вовашахкхетталца-м иштта ц1е яра х1окху юьртан, – жоп делла валаргхочо.
– Эх1, ткъа х1инца тхан Катар-Юртах шун Валарг схьакхетта ма ели, х1инца х1ун ц1е туьллура ю аша шайн юртана? – хаьттина катархочо.
– Деллахьа ца хаьа. Катархо-Валарг ц1е туьллург хир ю-кх, – жоп делла валаргхочо.
2. Валаргхойн забар.
–Х1окху юьртан ц1е муха ю эр дарий ахьа, жима стаг, – хаьттира юьртара воцучу цхьана стага ца ваьлла х1окху юьрта нисвеллачу цхьана стага.
– Х1ара юрт Валарг ю, ткъа со валаргхо а ву! – жоп делира жимхас.
«Деллахь, х1окху юьртахь 1аш ма вара и сан цхьа хьаша, иза 1аш волу урам карор бацар тешна» – ойла еш юьртахула волавелира юьртара воцу стаг жимхана жимма гена ваьлча. Дуьхьала йог1у цхьа зуда саца а йина цуьнга а хаьттира цо:
– Хьажахь, яларгхо, иштта урам стенгахь бу хаьий хьуна?
– Ой, со х1унда ю яларг! – реза йоцуш яппарш йира зудчо.
– Ца хаьа делахь суна-м, и д1о воьдург валаргхо хилчи, хьо яларгхо ца хуьлу? – цецвелира юьртара воцу хьаша.
3. Пису-Мохьмадан жижиг-галнаш
Цхьамма-м пис-Мохьмад ца алархьама Пису-Мохьмад олуш керла ц1е кхьоьллина цхьана мартанхочунна.
Цхьана суьйрана лулхо чувог1уш хаавеллачу Пису-Мохьмадас, х1усамнанас х1инцца дина схьадаьхна жижг-галнаш, дехьачохь хьулдина. Хьулдар х1ун пайда бу, жижг-галнаш муха гена чомехь хьожакхеташ ду ма хаьий вайна-м. Лулахочунна хьалха-м Мохьмадан х1усамнанас стомарлера сискалан ах а, мустбелла шолг1а к1ира а долу морзберам а х1оттийна.
Жимма 1ийна лулахо д1авахан тохавелича Пису-Мохьмада бехказа-волун кеп х1оттийна:
– Деллахь, хьенех, бехк ма биллалахь хьо ледара т1еэцарна, юучух херделла тхо т1ехьарчу хенахь. И сискал, морзберам мерза хилла-м хира бац, – аьлла.
– Делахь, Пису-Мохьмад, дара уьш-м ша х1инцца схьадаьллачу жижг-галнийн хьожа а йог1уш! – жоп делла лулахочо.
4. Мумадан кибарчиг.
Пеш юттуш воллуш Махьмудан цхьа ц1ен кибарчиг т1е ца тоьина. Шен кертахь лахарх кхин ц1ен кибарчиг ца карийна цунна. Лулахь кестта ц1ен кибарчигах ц1а а доьттина 1аш волчу Мумадан керта кхайкхина Махьмуд
– Х1ун боху, – аьлла дуьхьала ц1ачура араваьлла Мумад.
– Деллахь, Мумад, цхьа еттана кибарчиг ма оьшура суна, пешана йилла ца тоьи сан, – дехар дина Махьмуда.
Дийнна кибарчиг кхоийна, шиъ ах а елла д1авахийтина Мумада лулахо.
Ши-кхо шо даьлча цхьа Делан аьтту хилла Махьмудас а долийна шена ц1ен кибарчигах дотта ц1а.
Лулахочо ц1а деш новкъадаьлла кет1аваьлла бухд1ахашкахула хьоьжуш лаьттачу Мумадига хаьттина т1ехволучо, салам-калам а кховдийна:
– Ма г1ийла 1аш-вехаш вара и Махьмуд. Ц1а дан ц1ен кибарчиг стенгара яьлла техьа цунна?
– А-а, иза-м аса еллера цунна, – жоп делла Мумадас.
5. Дог ц1ена Балавди.
Соьлж-г1алахь ПМК-н кертахь ха дан балха х1оьттина Балавди, кест-кестта гуш хилла лулахь 1енчу Салавдина цу кертара х1ума лачкъийна воьдуш. Эххар дуьхь-дуьхьал 1оттавелла х1ара шиъ. Лачкъийна уьн юьхьаг яхьаш вог1учу Балавдис, Салавди а гина воьхана ша х1ун эра ду а ца хууш аьлла:
– Деллахьа, Салавди, лачкъон а ца 1емина хала лачкъайо аса х1ара х1ума!
– Деллахьа, Балавди, х1окху г1алахь мел ериг лачкъийча а, 1емарг ца хилла-кх хьуна и х1ума лачкъон! – жоп делла Салав
6. Коьчал-нус.
Тхан вешин бераш дара цхьана малх хьаьжинчу дийнахь буйнахь бепиг юьхкаш а йолуш арадевлла.
– Ой, аша х1ун до? Бепиг бен кхин яа х1ума яц шун чохь? – хаьттира аса.
– Ду… ду тхоьгахь-м жижиг-галнаш а чохь! – яхье йолуш жоп делира жимачу вешин йо1а.
– Ткъа аша жижиг-галнаш х1унда ца дуу ткъа? – цецвелира со.
– Иза-м… иза жижиг-галнаш дууш-м тхан нана ю! – шен хьакха санна ерстинчу нанна т1ех1оьттира йо1.
7. Сан вешин йо1 Зарема
Со волчу хьошалг1а ялх шо долу вешин йо1 Зарема йеъна самукъадаьлла и хьовзийра аса:
– Зарема, аса багахь зурма а олуш, т1араш тухура ду, ткъа ахьа вашина гайтал хьо хелха муха йолу, – аьлла.
– Ваша, суна-м ца хаьа хелхаялан, ахьа гайтахь, – дийхира жимчу йо1а.
Со айса-сайна йиша а локхуш йо1ах хелха велира, Заремина муха ялан еза гойтуш. Йо1 ч1ог1а самукъадаьлла йоьлура.
– Кхин цкъа а гайтахь! – дийхира йо1а со сецча.
Аса кхин цкъа а ког шаршош уьйт1е ма-ю гуобаьккхира.
– Ваша, х1инца божарех валахь хелха! – дийхира йо1а.
Божарех хелха волуш Заремина хьалха бохь а боьг1на, йо1 хелха яккхан вуьйлира со багахь зурма а олуш, т1араш а тухуш. Амма Зарема букъберзийна д1айолаелира со тергал а ца веш.
– Ой! Хьо стенга йоьду? Вашина хелха ца йолу хьо, ва Зарема? – хаьттира аса жимчу йо1е.
– Х1ан-х1а, ваша, дог ца дог1у сан! – жоп делира жимчу Заремас.
8. Нисъелла нус.
Шен вешин х1усаме чувахана хилла воккхаха волу ваша. Воккхахчу вешина хьалха чайна стака х1оттийна несо. Такхор санна ерстина йолуш мел к1езига а кухни чохь ах меттиг д1алоцуш йолу нус, марвешига шен бала балхон йолаелла даима а санна, шен майра ц1ахь воццучура:
– Деллахьа, Ваша, алапа а к1езига доккху оцу шун вашас. Цо мел юуш йолу х1ума къаьхьа де ду-кх. Х1окху кухни чуьра ара волуш а вац дийнахь а, буса а.
«Даймохк» газета санна оза волуш мохо а техкош лелаш волу шен ваша дага а веъна:
– Деллахьа, юуш верг и тхан пекъар ваша велахь а, дег1ана т1е-м хьуна йолучух тера ду и юург, – аьлла марвашас.
9. Г1иллакхен нуц.
Хьайн стунда 1аш волчу урамехула, хьо говра хиъна воьдуш велахь а, лаьтта воьссина г1аш т1ех волуш г1иллакх х1оттон деза, хьо къонах велахь! – хьехар дина к1антана дас-нанас.
Керла машен эцна дукха хан ялале, цхьа г1уллакх хилла стунда 1аш волчу урамехула т1ехвалан дезаш нисделла к1ентан. Урам болалучохь шен машен д1а а яйъина и туьттуш вог1уш шайн урамехь нуц гина, стумцхой ара лилхина. Стунда хьалха а волуш т1ехьаьлхина машен тоттуш г1одан сихбелла уьш.
– Белзин кхачийна хьан? – хаьттина стундас эххар а шен невце.
– Х1ан-х1а, шун урамехь г1иллакх лаьцна динара воьссинера со-м! – жоп делла г1иллакхен невцо.
10. Жима к1ант Сайхан.
Цхьа а уллохь воцуш балл диттан буьххье ваьлла 3-4 шо долу жима к1ант Сайхан. Ког а шершина чухецавелла вог1уш, цхьа аьтту а хилла дуткъа гаьннах тасавелла и шина а куьйга къевлина 1ункар чукхозуш хилла, ерриг юкъ 1адош хьоькхуш мохь а болуш.
Мохь хезна, ведда т1евеъначу воккхахволчу вашас Халидас, чукхозуш волу жима воша хьалакхевдина схьалоцуш, аьлла Сайхане:
– Д1ахеца баллан га! Ас схьалаьцна хьо!
– Ма хецийта-а-а! – бохуш воьлхуш хилла Сайхан.
– Х1унда?! – цецваьлла хаьттина Халидас.
– Ас д1ахецахь, дитт охьадужуш ду! – жоп делла дериг дуьне бертал даьлла моьттуш кхеравеллачу жимчу к1анта.
11. Селимин хьалхарчу классехь хьалхара де.
Дуьххьара ишколе яг1на ц1а кхечира жима йо1 Селима.
– Нана! Ва, нана! – уьйт1а кхоччушехь ц1ог1 туьйхира цо.
– Х1ун боху ахь, сан дашониг! – олуш дуьхьала хьадира нана, цунна т1еххье баба а, воккха дада а.
– Ахь соьга урок пхиъ хуьлу х1унда ца элира хьалххе!? Суна-м цхьаъ бен ца хуьлу моьттура! – т1ечевхира йо1 массарна а.
– Ой, сан дашониг, ишколан директоро иштта нисдина-кх и, – бехказа елира нана.
– Оцу директорца-м ас кхана къастор ду и. Ткъа ишколе х1оа дийнахь эхан деза х1унда ца элира ахьа? Со-м цхьана дийнахь яг1ча йолу моьттуш ма яра?! – елха уозош шен т1оьрмиг нанна хьалха кхоьссира Селимас.
12. Исрапилов Хож-Бауддина.
– Схьахьажахьа, и Ц1уц1а бохуш верг хьо вуй? – хаьттира урамехь саца а вина Хож-Бауддига цхьана къонахчо.
Д1а-схьа а хьаьжина билггал шега луьйш вуй а кхетта:
– Х1инццалца схьа-м вара со Ц1уц1а, – жоп делла Х1ожа-Бауддис.
– Ой, ткъа х1инца дуьйна д1а Муц1а хила дагахь-м вац хьо? – цецваьлла къонах.
13. Г1иллакхен жима стаг.
Аьрзун з1акарца къовсавелча санна хьаьвзина маара а болуш, ира, сиха уьдуш 1аьржа ши б1аьрг болуш жима стаг автобусна чоьхьа а волуш, сонехь д1атарвеллачу воккхачу стагна улло охьахиира, спортан говрана т1екхоссалуш санна.
Воккха стаг шен цхьаъ бен йоцу церг туьйсуш морожница къовсавелла воллура. Морожни ч1ог1а г1орийначух тера дара.
Аьрзух тера жима стаг къаьрззина хьаьжира воккхачу стеган цхьаъ бе йоцчу церге.
Цкъа а шозза а жима стаг шена къаьрзича:
– Х1а! – олуш, д1акховдийра воккхачу стага морожни.
Шен ира цергаш къарзош схьаэцна цкъа-шозза кхаьллина д1аяг1ийтира морожни жимчу стага. Жимма 1ийна, шен куьг готтачу джинсин кисна даг1ийтина «Суппер стиморол» сег1аз схьадаьккхира жимчу стага. Шиъ буьртиг геннара чуластийна шен бага яг1ийтира цо.
Воккха стаг шен цхьаъ церг гойтуш бага г1аттийна хьаьжничохь висира.
– Х1а, батя! – олуш воккхачу стагана кховдийра г1иллакхен жимчу стага т1улг санна ч1ог1а долчу сег1азан буьртиг. 17 08 08 шо.
14. Гиххойн кура зуда.
Вайна массарна а евзаш йолчу Гихтан эвлайисттерчу биънекъ къаьсттачу меттиге «Соьлж-Г1ала – Катар-Г1урт» микроавтобус схьакхаьчча шоп1ара мохь туьйхира салон чу:
– Гихта центре д1авиган везаш стагга а вуй?
– Со т1ай доллучохь охьайоссийталахь, стаг, – кхоьссира цхьана курочу зудчо, водителе аг1ора д1ахьажа а ца ешаш.
Шоп1ара-м шен автобус Валаргхьа аг1ора ерзийра, кхин цкъа а ч1аг1алона мохь а олуш:
– Гихта центре воьдуш стаг вуй?
– Со-м ю, – кхин цкъа а кхоьссира курачу зудчо.
– Ой, аса хатта-м ма хаьттира, – реза воцуш яппарш йира шоп1аро.
– И бохург х1ун ду? Аса т1ай доллучохь со охьайоссийта ца элира хьоь? – т1ечевхира кура зуда, Гихта эвлаюккъехь бен х1окху доккхачу дуьненчохь а кхин цхьа а т1ай доцуш санна.
15. Соьлж-Г1алахь.
Катар-Юрта йоьду автобус «т1анк!» – аьлла хьалайотталца новкъайолуш яц, бехачу новкъахь лаьттарш белла 1оьхкуш белахь а, оцу автобусе хьоьжуш. Эххар а автобус йоьттина яьлча, т1ееира сан дахар санна цхьа ирча зуда:
– Ахча схьакховдадел! – аьлла омра а деш.
Массара а чехкка, ша-шан сиха дала а г1ерташ, д1акховдийра ахча, «и ахча д1аделча а и зуда кочар ер яцара техьа» – аьлча санна.
Цхьана зудчо-м шина меттигна а ахча делира, цхьа ондуо мел к1еззиг а шиъ-ах меттиг д1аолоцура йолуш зуда шена уллора д1аериг.
– Цхьаммо ахча схьа ца делла-кх! – кхайкхира «кассира», «х1инца-м кочар яьллера х1ара» – аьлла хеттачу хенахь.
Массарна а гуш дара чохь мел волучо ахча д1аделла хилар. Амма «кассир» 1ен а ца 1ийна цхьана жимчу стага делира цунна пхи туьма.
Автобус йолаелча, «кассир» геннахь йисича, салон чура зударша г1овг1а эккхийтира: «Оцу, кассир аьлча а, оцу лаьхьано пхи туьма совнаха даьккхира!» – аьлла.
Дов ца соцуш гена даьлча цхьана воккхача стага элира:
– И зуда-«кассир» вайца схьаялон езаш хиллера вай.
– И ма яра хьуна х1окху чохь оьшуш! И х1унда элира ахьа? – воккхачу стагана т1ебирзира зударий.
– Цунна т1ера Карат-Юрта кхаччалца вай ахча д1аделла, цунна дов деш-а-а схьадог1ур дар-кха, – жоп делира воккхачу стага. (март 2009 шо)
16. Валаргхойн жима стаг.
Массарна а бале даьлла хир ду, Соьлж-Г1алара схьайог1у микроавтобус Гихта схьакхаьчча х1утту хьал. Цхьаъ бен гиххо оцу автобусна чохь вацахь а, и оьций Гихта юьрта юккъе йоьду и, асфальтан зуьбалгех буьззина болчу некъахула. И некъ Гихтан эвлайистехь автобус юьртаюккъе д1ахьаьвзичура Валаргт1е схьабог1учул а дуккха а хала бан дезаш бу, делахь а гиххоша диъ туьмий бен ца ло, валаргхойн пхиъ туьма охьакхоссан дезаш хуьлу автобусан шоп1арна.
Цхьана дийнахь Гихта эвлайистте кхоччушехь, ша х1инццалца ма аллара:
– Гихта центре виган везаш стагга а вуй?! – аьлла хаьттира шоп1аро.
– Со ву! – д1аса а хьаьжна, цхьа а вист ца хилчи, оьг1азен жоп делира цхьана жимчу стага.
Реза воцуш оцу жимчу стаге а хьаьжина, шоп1аро-м шен машен ерзийра эвлаюккъе. Цхьа хан яьлча, асфальтан гушна т1ехула гуттар лахъеш йог1ийтуш, д1акхечира автобус Гихта центре. Амма автобусна т1ера охьавуссуш стагга а вацара.
– Ванах, ахьа хьо Гихта центре ван лууш ву ца элира? – т1евог1авелира жимчу стагана шоп1ар.
– Сан г1уллакх-м чекхдели, – дуьхьала реза вацар гайтира жимчу стага а.
– Ой, и х1ун г1уллакх дара? – кхин а ч1ог1а цецвелира шоп1ар.
– Оццул сайна бале яьлла х1ара гиххойн центр х1инца а лаьтташ юй хьажа дагадеинера суна-м, – шек воцуш жоп делира Валаргт1ерчу жимчу стага.
17. Педсоветехь.
Гуттар а сихвелла хьехархошна т1е1аткъам беш дош олуш воллура ишколан директор. Ц1еххьана хьехархошна юкъкъехь, хан иккхина волчу ОБЖ-н хьехархочун телефонан горгли бийкира саца а ца туьгуш.
– Ой, и телефон педсоветехь д1аяйан мегаш ма яра! – резавоцуш хьаьжаюккъе шед бира директора.
– Ц1ийнан… нана!.. Ц1ера етташ ю! – классан чуьра аратилира ОБЖ-н хьехархо, телефон цхьана минотана а лергара д1аяккха ца ваьхьаш.
– А-а-а, ц1ера етташ елахь-м ц1е яьлла г1уллакх ду иза, – шен хьехархочух дика кхеташ корта ластийра директора.
18. 1абазан рицкъа.
– Хьо х1ун деш 1уьллу кху чохь вижина, боьрша цициг санна! – т1ех1оьттира хьаьрччина вижина 1уьллучу 1аббазана, балхара вог1уш чух1оьттина лулахо.
– Д1авала, ма г1ерта сунна новкъа. Сайна Дала делачу рицкъане хьоьжуш 1уьллу со, – жоп делира 1абаза.
– И х1ун рицкъа ду? Болх ца бича х1ун рицкъане сатуьйсу ахьа? – хаьттира лулахочо.
– Болх беш волчунна шена карор ду рицкъа, вижина 1уьллучунна лур ду ша рицкъа, аьлла боху Дала, – жоп делира 1абаза.
– Вижина 1уьллучун х1ун рицкъа хьажийна хаьий хьуна Дала? – хаьттира лулахочо.
– Х1ун? – хаттарна дуьхьала хаттарца жоп делира 1абазас.
– Дера делла стаг ца валлал – «Пособи по безработице» – элира лулахочо.
19. Г1иллакхен йоккха стаг-катархо.
Валагт1ера юьртара араяьлла а ялале, Катар-Юрта чоьхьа йолаелира микроавтобус. Амма Валаргт1ехь автобусна т1ехиина цхьа йоккха стаг не1арна уллохь г1антах таса а елла 1аш яра, ткъа автобусан аг1онца йолу йоккха не1 схьайиллина яра, и мохе а т1е ца къовлийтуш йоккха стага сеца а йора.
– Йоккха стаг, и не1 т1екъовлахьара ахьа, чу южура ю хьо х1инцца! – дехар дира шоп1ара.
– Х1умма а дац, со х1инцца Катар-Юрта эвлаюккъехь охьайосса езаш ю, йита ахьа йиллина, – хаза г1иллакх х1оттийра йоккхачу стага.
20. «Кортира»
Валаргт1ерчу цхьана йоккхачу ишколан директора «кортира» хуьлийтур ю ша аьлла, цхьа хьехархо балха д1аэцнера. Амма «кортира» ца луш ишколехь цхьа исклад хилла лаьттинчу чохь маьнга а х1оттийна, цу чохь 1енвеш хилла и хьехархо. Ишколехь а, юьртахь а вала вуьтуш ца хилла зуда ялийна воцу хьехархо, «оха зуда хьахайе хьуна?» – бохуш.
Иштта цхьана дийнахь туьканчу вахар нисделира хьехархочун. Туьканан дас а къадийра:
– Цхьа тайна зуда яра сан хьуна хьахон, – олуш.
– Зуда-м цхьаъ елахь а, шиъ елахь а новкъа хир яцара суна, цхьаъ мукъна а «кортира» хьахаяйша суна, – дехар дира хьехархочо. (24 март 2009 шо)
21. «Тюбетейка»
Жимма шех моллала а доллуш волу цхьа хан иккхина стаг вара маьлхан тевнехь хиъна 1аш волу узбек санна тюбетейка а тиллина кечвелла. Ишколан учитал ву ша бохуш мелла а инталгентал а йолуш шеца, ишляпа лелон даго а ца вуьтуш, хурашка лелош вара кхин цхьа к1унзалан да а. Б1аьргашна т1ета11ийна курочу дагахь коьрта тиллина хурашка а йолуш вог1у инталгент а гина, 1оттар йира шех моллал доллучо:
– И аьттан ч1епалг санна йолу хурашка а ца лелош, сайниг санна хаза товш коьрта пес тилла, – аьлла.
– Мегар ду делахь, аса чу ма вахханехь тукарца хьаьккхина лаба д1айоккхур ю х1окху сайн кепкин, т1аккха и хьайниг санна тюбетейка хир ю-кх сан коьртахь а, – жоп делира инталгента.
24 март 2009 шо.
22. Валаргхойн Дон-Жуан.
Соьлж-г1ала- Катар-Юрт микроавтобус Валаргт1е схьакхачан гергга яра, катархой, валаргхой бара цу чохь бисинарш. Т1еххьа 1аш волу цхьа жимхас шен мобилан з1е туьйхира.
– Со схьакхочуш ву-кх. Сихха хинйистте схьайолахь! – дийхира цо мохь тоьхина мобилан аппарата чу.
Ерриг а автобус цуьнга д1ахьаьжира, амма жима стаг-м вацара уьш гучохь. Иза мобилан аппаратан керахь вара, аьлчи а з1ена дехьахь шега ладуг1уш йолучунга.
– И бохург х1ун ду? Ламаз а дай т1аккха араялахь шовдана йистте! Со а ламаз а дина д1авог1ура ву! – телпона чу мохь беттара жимчу стага. – Со х1инца юьрта чукхочуш ву, сихо елахь Мадина! Со хьо сихха ца гича мегар волуш вац хьуна! – гуттар а чура ваьллера жимха.
Жима стаг автобус саццалц собар доцуш не1арехьа д1аг1оьртира. Катархой, валаргхой-м цецдеина къайлаха цуьнга хьовсуш бара. Эххар а Валаргана юртаюккъехь биъ некъ къаьсттичохь сиха сацаяйтира цо автобус. Амма иза араэккха кхиале, автобусна чохь 1аш волчу цхьана воккхачу стага жима стаг сацош элира:
– Массо а катархошкара, валаргхошкара маршалла д1алолахь Мадинега!
23. Тамашена хьаша.
Валаргт1ехь хьошалг1ахь хьевелла хилла цхьа хьаша. Наггахь де а, ши де а юкъадолуш хилла хьаша шена нисъйинчу котаман бун санна жимчу чура ара ца волуш.
– Ванах, хьо ма ч1ог1а чувоьлла? Хьо чура ара ца волуш масех де а ма даьлла? – цецбевлла хаьттина хьешах ца кхетачу юртахоша.
– Шу шадерш а валаргхой делхьара-м вер вара со х1ора дийнахь а чура ара, – аьлла хьешо.
– Ой, и бохург х1ун ду? Муьлш бу х1окху юьртахь хьо реза воцуш хьуна ган ца луурш? – хаьттина цецбевллачу валаргхоша.
– Дера бу баларгхой, – жоп делла хьешо.
24. Ца вевзаш волу накъост.
Дикка хан д1атекхинера ЧИГУ олуш йолу университетехь цхьана дешна волу ши накъост вовшен ганза. Мел к1езига дуьстича а, цхьа ткъе пхиъ шо-м хир дара. Цхьана хьаькамийн йоккхачу г1ишлон онддачу вестибюлехь бобера санна сонехь лаьтташ вара хено дикка 1ийшина ша а, ша санна хено дикка нох даьккхина шена т1едуьйхина долу барзакъ а долуш иншарахь дуьйна ишколехь хьоьхуш волу цхьа хьехархо. Хьаьким волчу чу ваг1ан ца х1уттуш лаьтташ волчу хьехархочуннах б1аьрг кхетта улло г1оьртира цхьа хено ден-ненан цхьаъ бен воцуш санна кхаьбна кхин цхьа хан декхина къонах. Дехьа волуш хьожуш, сехьаволуш хьожуш, дикка гуо тийсира къонахчо шена гуонаха цхьа а ца гуш лаьттачу хьехархочунна. Эххар а кхин собар ца тоьина хьехархочунна хьалхха вог1алуш хаьттира къонахчо:
– Ванах, суна вевзаш волу 1аббаз вац хьо?
– Ву… ву дера-кх, – б1аьргех стомма линзанаш долу куьзганаш а духкуш г1ийла хьаьжира хьехархо шена хьалха вог1авеллачунга.
– Ткъа, со ца вевза хьуна?! Со-м Гарун ма ву! К1отарахь 1аш вара-кх со, вай универехь доьшуш долуш. Х1инца-м, бакъ дериг дийцича, жимма хьаькималла а кхаьчна, кхузахь столицехь ву со, – ша жима стаг волуш санна сиха луьйш, шен кхиамаш бовзийтуш, вист хилира Гарун.
– Х1аъ, х1инца вевзи суна-м хьо, – хан-замано артдинчу озаца, маб-бу шен хуьлчу ницкъаца шена хазахетаран кеп х1оттон г1уртуш жоп делира 1аббаза.
– Ой, старина, суна-м хьо вовза а ма ца вевзира юьхьанца! – т1ехтухуш санна кхоьссира Гарунас.
– Бехк а бац хьуна-м со ца вевзича а, суна-м сайна а ца вевза со наггахьа со куьзгана уллохула т1ехволуш со цу чохь гича, – цецвалан бахьана доцийла кхетийра 1аббазас шеца къоначу хенахь цхьана доьшуш хилла волу накъост.
25. Мерах даьлла долу хьошалла дар.
Кхин ваг1ан меттиг а боцуш, ишколан директора къинхетам беш хехочун болх а белла, ишколехь жима цхьана чоьнах чохь 1ен меттиг а нисбина, 1аш-вехаш хилла цхьа пекъар. Цхьаъ бен маьнга ца хилла цуьнан, котамийн бун санна жимачу чохь, кхоъ г1ат йолчу ишколехь. Т1ехула т1е, цхьана шийлачу 1ано и пекъар волчу а воссийна Дала хьаша. Ша нохчойх х1у хьакхалуш хиларе терра, оцу пекъара шен тароне хьаьжжина хьошалла деш, ша шийлачу лаьтта а вуьжуш, хьаша шен цхьаъ бен боцчу маьнги т1е охьавижош хилла буьйсана. Иттех де даьлча хьаша д1аваг1на, амма амма «х1усамдена» лаьттахь яьхна шийла буьйсанашш бале евлла. И цомгуш хилла.
– Хьаша шен цхьаъ бен боцчу маьнгина т1е а вижош, ша шийлачу лаьттахь вижина йиллина, цомгуш хилла-кх и хьенех, – дуьйцуш хилла хьехархоша вовшен юккъехь.
– Лаьттахь х1унда вуьжуш хилла и? – хаьттира Тамара бохуш йолчу хьехархочо.
– ой, чоь жима ма ю цуьнан, маьнга цхьаъ бен а бац, – Тамара кхетон г1оьртира коллегаш.
– Чоь жима елахь а, и чохь 1еш волу ишкола жима а йолуш-м ца 1иллина хьуна и лаьттахь. Эцца муьлххачу классе чу а ваг1на, ши парта ул-улло а хилийна, цу т1е охьавуьжур вар-кха, – кхетан дагахь яцара Тамара-м.
26. Къинхетаман жеро.
Дирехтора кортира хир ю а аьлла, кортиран метта ишколехь цхьа жима чохь маьнга а х1оттийна цу чохь 1аш, вехаш хилла цхьа хьехархо. Дешаран шо чекхдолуш хилла директора шен дош кхочуш ца деш. Цхьана дийнахь хьехархойн чоьнехь цхьана хьехархо-жерочо аьлла:
– Деллахь ма дика стаг ву хьо. Тхуна уллохь 1аш велар хьо. Ма дика лелор вара-кх аса хьо.
– Х1умма а дац, т1аккхахула вайн дирехтора суна кортира лохур ю ша аьлла дош лучу хенахь, аса шуна уллохь ло сайна и кортира, эр ду цуьнга, – жоп делла хьехархочо.
27. Леккхара колификаци йолу хьехархо.
Кхин лекхара хилан йиш йоцуш ч1ог1а леккхара колификаци йолуш йолу оьрсийн мотт хьоьхуш йолу цхьа хьехархо ишколан а, юьртан а, районан а юкъара бала хьалха баккха «районе» яхийтан кечйира ишколан хьаькимаша. Урокаш-м шолг1ачу исменехь хила езаш яра цуьнан. Амма оццул лекха а, еза а колификаци йолчу хьехархочунна метта урокаш яла-м хьалхарчу исменера масех хьехархо орцах ваьккхинера. Физкуьйгалхо, берийн балхе безам бахийта декхарехь волу хьехархо а, берашна адмийн даь1ахкаш муха ю, масса ю а 1амон хьехархо а, берашна йир 1амош волу пондаран мостаг1а хьехархо а схьагулвелира хьехархойн чоьне. Физрук, трудрук, музыкрук, биолог а къовсавелла воллура, ша-шай лур ма ю и урок, бохуш. Оцу хенахь «районе» яг1ан араяьлла хьехархо-м цига д1а а ца кхаьчна юхакхечира. Амма урок яларан сий шайн керара далийта реза бацара шолг1а сорт Хьехархой. Х1инца-м уьш массо а «районе» ца кхаьчначунца къовсалуш бара:
– Со хир ву!
– Х1ан-х1а, со ю и урок ялан декхарехь. Адмийн даь1ахкаш йагар ян бен суна кхин х1умма а ца хаьа моьттуш ду бераш!
– Сайн урок айса лур ю аса-а-а!
Оццул ч1ог1а кховсабелла бохкучу хьехархошка хьоьжуш лаьттачу ОБЖ-н хьехархочо б1арзвеллачу кеппара мохь туьйхира:
– Ой, иштта дукха шу дуй хианехьара, со-м вог1ура а ма вацара х1окху балха, моллина х1ара бисарг!
28. Йог1ура яц и соьга.
Тхан фирмера буьйсана волу хехо вара гуттар а суна захлу дуьйцуш. И захлу-м дара тхан дирехторан г1оьнча йолчу цхьа сан дахар санна ирча йолчу зудчунна дуьйцуш. Ж1ало ша х1инцца аьлла «г1алх!» дицлой кест-кестта юха а олуш долу и «г1алх!» санна, олура сан хьешо хехочо а:
– Ялон еза ахьа и вайн хьаьким, даьттана юккъе керча лаьтта н1аьна санна 1ийр ву хьо!
– Йог1ура яц и соьга! – жоп лора аса.
– Ой, и-м хьо дага а воьг1на яла йоллуш ма ю!
– Йог1ура яц! – кхетаван г1уртура со, шена оцу захлух а «х1ума кхочура яц техьа» бохуш ойла еш волу хехо.
– Х1унда? И-м шортта ахча докххуш ма ю! Дийнна х1ара вайн фирма «юуш» 1аш ма ю и-м! Ялсамане даг1ана шайт1а санна вехара ву хьо!
– И соь маре яг1ахь, аса фирма кхин юийтур яц цуьнга! Цундела йог1ур яц и соьга.
29. Ши зуда цхьана микроавтобусна чохь.
Дукха онда йолуш, не1арах аг1онца чоьхьайолуш, «Соьлж-г1ала – Катар-Юрт» микро-автобусна салона чуг1оьртира шиъ зуда. Салонан чохь халла д1атарбелла пекъарш-нах цхьаммо д1атуьйттуш, вукхо схьатуьйтуш, стоммачу, ч1ог1ачу озаца «тап!» аьлла 1аш болчу нахана т1ечехаш, ресорашна т1ехь автобус меттах йохуш, егош буьйлуш, шайна меттиг лахан чуг1ула буьйлабелира Зударий. Эххар а, цхьа миска оза зуда шен меттигера эккхийна, уллохь нисъелла кхин цхьаъ оза зуда соне 1аьвдина, д1ата1ийна ондачу шина зударех цхьаъ д1атаръелира. Шолг1аниг-м, ондачу б1аьрг т1ехь ца соцуш ц1ен басар хьаькхинчу, стоммачу балдашна бухахула, говрана хилан тарлучу яккхийнчу цергашна т1ехьара схьа буьрса «г1ун-г1ун» а деш, шина г1антах цхьанна йисттехь тасавелла 1аш волчу «Хьехархо» газета санна озалла вала воллучу цхьана боьршачу стагана улло г1оьртира.
Охьахиина, д1атаръеллачу ондачу зудчо «Газел» тасс санна екош, тохайолийтуш ела а луш мохь туьйхира шен накъосте:
– Варелахь, Курпату, хьажалахь и хьайна уллохь нисвелла «къонах» лаза ма велахь! Вайн х1у т1ехь цунна дуьхьала д1авалан боьрша стаг вац хьуна!
Салонна чохь т1ехьахь д1атарвеллачу цхьана воккхачу стага корта а ластийна элира:
– Деллахь, Зударий! Шун х1уна т1ехь-м боьрша стаг оьшу моьттуш а вац со, шун шаболу зударий шу шиъ санна белахьа-м х1етте а!
30. Цхьаъ-ах зуда.
Кхин цхьана «Соьлжа-г1ала – Катар-Юрт» «Газелана» а чуг1оьртира мел ч1ог1а озийна г1оьртича а уггар а к1езига «цхьаъ-ах!» меттиг д1алоцура йолуш цхьа зуда.
Дехахь а, сехьахь а 1аш болу г1ийла нах куьйган голашца д1а-схьа а теттина, «кхап-п!» аьлла чена к1ур г1аттош кхоьссина деъна муьшгали санна охьахиира и зуда.
– Ванах, шина меттигах билет эца, бохуш хьийзайо-кх со х1окзу наха! – ша автобусан салонан чохь мел болучу нахана а, шоп1арна а, кондухторна а, кхин а мел к1еззига а ах дуьненна реза ца хилар схьакъадийра зудчо, стоммачу озаца мераха шок а олуш.
– Ой, и бохург х1ун ду? Шина меттигах мах боьху цара хьоьга? – цецвелира сонехь 1аш волу цхьа воккха стаг.
– Дера боху оцу кондухтор аьлча а, оцу саьрмико-м и ц1ерца цхьана д1овш а детташ.
– Эх1, деллахьа ма харцо ю цара хьоьга юьйцург! Цара х1унда боху хьоьга шина меттигех ахча ло? Ахьа-м цхьаъ-ах билет эцча а тоьур ма ду! – цецваьллера воккха стаг кондукторша лелончу харцонех.
31. Аьрха пассажираш.
– Д1ахьовзае! Хьан да хьаькха юуш валларг!
– Схьахьовзае, хьан да налла юуш валларг!
– Поворотник латае, дундук!
– Ахьа х1ун до, светофораш ягаръеш, жима бер санна? Яг1ийта хецций д1а, ва стаг ца хуьлу! – ша-шай бен ца олу моьттуш, шоп1арна т1ечехаш, т1е1аткъамаш беш, наг-наггахь уккална чу х1ума а тухуш, чуьра бевллера «Соьлжа-г1ала – Катар-Юрт» маршрутан микроавтобусан салон чура пассажираш. Корта белшашна чохь д1а а лачкъийна, вухахьажа ца кхуьуш, басех чу хаьхкина вирворда санна эккхийна, Гихта чукхаоьссира шоп1ара микроавтобус. Гиххой: «Центр! Центр! Центре яг1ийта автобус, ва тентаг!» бохуш т1ечехан бевлича, кхачийра шоп1аран собар. Цхьа буьрса ченан к1ура юккъехь тормоз тоьхна «Газел» сацийна, чура сиха охьаиккхина г1аш, вуха а ца хьожуш, Валарган аг1орхьа «юм» йеш, «т1ета1ийра» шоп1ара.
Шоп1аран сийдацаллах цецбевллачу пассажираша, кораха кортош ара а яьхна, т1ехьа мохь туьйхира:
– Ахьа х1ун до, ва тентаг?! Гихтан центр цигахь яц хьуна!
– Кхин оцу центре ког д1а-м боккхур бац! Шайна лаахь, шаьш яг1ийта автобус Гихтан центре а, т1урнене а! – олуш вирб1арзан боларехь Валарган аг1ора д1атилира шоп1ар.
32. Валаргхойн историк-Хьуьсенан забар.
– Ахьа х1ун леладо, 1алавди? Хьо ма г1ийла ву тахана? – хоьттура Хьуьсена, Валарган эвлаюккъехь дуьхьала нисвеллачу, шен хеннарчу воккхачу стаге.
– Ца го хьуна, коч-хечий леладо-кх, – резавоцуш жоп делира 1алавдис.
– Ой, хьо-м реза воцучух тера ма ду хьайн кучана а, хечийна а? – хоьттура Хьуьсенас.
– Х1ун дина аьлла хир ву кхарнна реза? Тиша ма ду х1орш!
– О1, уьш д1а а дахий кхиссий д1а а даг1ийтий лела т1аккха, – хоьхура Хьуьсенас.
33. Ши к1ант-дешархо.
Ишколан шуьйрачу, ехачу уьйченаш екош, маьхьарий Хьоькхуш, ловзуш, 1ункар-берташ кхийсалуш, кхоалг1ачу г1ате хьаьвзина хьалабоьдучу ламин аг1онна т1ехула чухехкалуш, каде хьийзара ши дешархо.
– Шу цирке х1унда ца доьлху, кхузахь харцхьа а ца лелаш? – хаьттира эццахь гучуваьллачу хьехархочо-воккхачу стага.
– Ваша, тхоьгахь ахча дац цирке даг1ан! Ахьа лохьа тхуна «шай-кай», тхойшиъ-м хаза а хеташ г1ур вара цирке, – дехарашка велира ши к1ант.
– Аса-м цирке балха х1унда ца воьду шу шиъ, боху, – ши к1ант кхетон г1оьртира хьехархо.
– Ой, цо х1ун дуьйцу? Оха х1ун болх бийра бу циркехь? – ца кхетара ши к1ант.
– Х1ун болх бийра бу бохург и х1ун ду? Маймалийн метта хир ву-кх шу шиъ! – кхетийра хьехархочо аьрха ши к1ант.
34. Кепка.
«Соьлжа-г1ала – Катар-Юрт» маршрутан микроавтобусан салона чу ваьлча, цец а деина висира со. Ессачу салона чохь цхьаъ ша жима стаг вара, ехачу къорзачу кепкин лабина к1елд1ашкахула «цкъа а дуьненчохь эхь хила а хиллий техьа?» – аьлла хоьтийтуш сийна ши б1аьрг а къерзош 1аш. Массо а есачу креслошна т1ехь хьаьрчина 1уьллу лаьхьанаш санна 1охкуш цхьацца къорза кепка яра.
– Ой, х1ара меттигаш шаерш а ахьа д1алаьцна-м яц? – цецвалар гайтира аса жимчу стагана.
– Яц дера-кх уьш-м «занятый», – кхоьссира сийначу б1аьргаша кхин а эхь доцуш къаьрзаш.
– Ткъа, х1ара «оьрсийн Рембон» кепкаш хьан ехкина г1анташна т1е, меттигаш д1алаьцна яцахь? – кхин а ч1ог1а цецвелира со.
– Аса ехкина-кх и супер-модни кепканаш оцу «креслошна» т1е, – со 1овдал, шен ма хуьлу кхетон г1ертара жима стаг.
– Стенна? – кхетан волуш вацара со 1овдал-м.
– Ой, дядька, хьо-м кхетан волуш а вац. И суппер-модни кепкаш юхкуш ву-кх со! – шен т1оьрмигна чура кхин а иттех къорза кепканаш схьаехира сийначу б1аьргаша.
35. «Маьрша г1ойла шу» – х1инцлерачу нохчийн маттахь.
– Давай, делахь! – курачу дагахь шен накъосте кхоьссира Валаргана эвлаюккхехь цхьана кхонахчо шен накъосташка.
Сайн г1уллакх доццург хийла леладо-кх аса. 1ен а ца велла т1евахана хаьттира аса нохчийн къонахчунга:
– Бехк ма биллалахь, ванах, оьрсийн маттахь «Давай!» олуш х1унда кхъаьста техьа вайн нах д1а, схьа?
– Ахьа х1ун дуьйцу, батя? «На, бери!» ала-м ца дезара аса оцу екхаргашга, д1а, схьа къаьсташ?!
36. Мерах хьокху йовлакх.
Ц1ера араволуш кисанахь йовлакх доцуш араваьлла, базарна юккъе хьаьвзинера цхьа воккха стаг, цигахь оьцур ду-кх ша и, аьлла.
– Оцу жимчу йовлакхах х1ун доьху ахьа? – хаьттира цо базаран мог1анехь йовлакхаш духкуш лаьттачу «новий чеченех» йолчу цхьана «бизнесмене».
– Дера ду и йовлакхаш, ваша, нехаш санна, ч1ог1а дораха д1адухкуш! Эцахь хьайна ши-кхоъ, – жоп делира зудчо.
– Дораха ду, бохург и мел ду, ахачанца дуьстича? – хаьттира воккхачу стага, нехаш таханлерачу дийнахь х1ун мехах ю ца кхеташ.
– Селхана-м «дивестинах» д1адоьхки аса уьш, х1ара ши-кхоъ бен ца дуьсуш. Тахана хьуна, хьо дика стаг хиларна, цхьана «истонах» д1алур ду-кх аса, – шен дагахь дерг хаийтира «новий чеченас».
– Деллахь, зуда, ша и говра мах болуш хилла-кх и хьан мерах хьокху йовлакхаш, – зудчунан нехийн мах хадийра воккхачу стага.
37. Некъахо-валаргхо.
Моллина йисарг, оцу «Соьлжа-г1ала – Катар-Юрт» микроавтобусна т1ехь ца хуьлуш а ца дуьсу х1ума. Г1алахь т1ехиира и жима стаг-валаргхо рейсан автобусна. Амма: «Булочкаш! Чипсаш! Напиткаш!» – ц1ог1 а хьокхуш тхан «Газелан» йиллинчу не1аре ах чоьхьа а йолуш д1ах1оьттира «цкъа а кочара ера яц-кх х1ара, и шегарчу лотокна чохь мел йолу булочкаш шиъ мах луш схьаэцча а!» – ойла дагайоийтуш цхьа «новый чеченех» йолу, «бизнес» лелош йолу зуда. Дерриг а дуьненахь «бизнес» бохург «г1уллакх дар» бохург ду, ткъа «новый чеченаша» шайн спекуляцех олу и деза «бизнес» боху дош.
Амма сан къамел оцу пекъаран «бизнесах» дац, амма даима а санна, сайн хьомен валаргхойх, гиххойх, катархойх а ду. Валаргхо-жимчу стага маса кховдийра шен ехачу вортана буьххьехь дохку меца б1аьргаш йиллинчу микроавтобусан не1арехьа. «Суна цхьа пакет… шиъ…кхоъ пакет чипсаш, булочкаш, пираьжкаш, мерза хи…» – дагардан вуьйлира и, «цкъа а вузар а вуй техьа х1ара?» – аьлла хоьтийтуш.
– Новкъахь ч1ог1а мацлуш ву со… – бехказа вуьйлура г1иллакхен жима стаг, ша цхьана дуьнен йистте воьдуш санна 1овшан г1ирс а эцна, ткъе пхиъ, ткъе итт километр бен гена шен вахан ца дезахь а.
Амма даима а санна уллохь нисвелла цхьа воккха стаг-м ца 1енвелира шена хетарг ца олуш:
– Деллахь, жима стаг, Хабаровскера вайн ц1а кхаччалц хьо схьаван дезаш хилахь-м хьо мацалла лийра ву! – кхоьссира цо.
38. Кхин цхьаъ а тхан нус.
Вежарий дукха хилчи, несарий а хуьлуш хилла-кх алссама. Со хьошалг1а вог1у аьлла, ша-ша дика хила г1ерташ тохабеллера сан несарий а. Суна ч1епалгаш дукха дезий хууш йолчу цхьана несо цхьа бога дуззина ч1епалгаш динера. Амма даима а ч1епалгашна чохь алссама хуьлуш йолчу к1алдана метта, и ч1епалгаш харцахьа дахан йоллуш санна, к1алд а ца къаьсташ, сийна хох боьллинера цо оцу шен хьокхамаш санна стомма долчу ч1епалгашна чу.
– Аса-м, со ч1епалгехь хьегна хиларе терра, цхьа ах бога дассийра. Амма ца аьлча 1енлой бакъдериг, вуьзина ваьлча:
– Деллахь, Малика, т1аккхахула айхьа и ч1епалгаш деш и сийна хох т1аьхьа т1екхалла а битий, алссама чу к1алд йоллалахь оцу ч1епалгашна! – элира аса ша-шаха олуш санна.
– Ой, и х1унда бахара ахьа, Дика к1ант, хох дика ца хийтира хьуна? – хаьттира несо.
– Х1ан-х1а, оцу ч1епалгашел а ч1ог1а хох безаш ву со, цундела кхоам хетта суна ахьа набахте чу санна оцу ч1епалгашна чубуллчу хохах, – жоп делира аса.
Амма х1инца со тхайн нус йолчу хьошалг1а г1ахь, беккъа ц1ена сийна хохаш а биина вог1ур моьттуш ву со. «Дика к1антана-м ч1епалгаш кхин дезаш а ца хилла. Цунна безарг-м сийна хох бу!» – сан «кулинаран безам» нахала ца баьккхича 1ийр ма яц тхан нус.
39. «Шовда»
Соьлжа-г1ала д1акхоччуш лаьттара тхан микроавтобус «Газель», 1алхан-юртахь гуттар а машенна хьалха охьайожа санна чуьра яьлла цхьа пассажир яра. Автобус сацийча а, естина халла бад санна техкаш хьалаяла г1ерташ йоллура и. Автобусна чура аралилхина наха г1о а деш халла буьххье елира, амма шена еллачу меттигна реза яцара и. Цунна хьалхха, масех стаг хьала а г1аьттина меттиг кечйира. Дела ц1е а йохуш, бисмиллаш а дохуш халла охьахиира зуда. Амма автобус кхин гена ялале зудчунна шовдана хи дагадеира.
– Со-ма яц и шовдана хи ца хилчи мегаш, сан давлении хьалаели-кх х1инца! – орца дохура зудчо массаьрга а.
«Шовда» – ц1е а йолуш жимчу шишнаш чура хи хиллера зудчо дуьйцург.
– Сацаелахь машен! – водителан т1е1аткъам бира зудчо. – Ялол, йо1, оцу некъайисттера базарара цхьа шиша «Шовда» дал суна! – шена уллохь нисъеллачу жима стаг йо1е омра дира цо, – цомгушчу стеган кепехь, дарбанан ц1а чохь ша 1уьллуш йолуш санна.
– Суна-м ца хаьа и «Шовда» муьлханиг ду, хуура дац суна и эца, – шега схьакховдийна туьма схьа ца ийцира йо1а.
Цхьана секондана-м «цомгашчун» б1аьргаша стелахаьштиг туьйхира, амма шен спектаклан ролаш ца ловзийча ца йолура. Гуттар а узарш дан юьйлира зуда, къинхетамен д1а схьа а хьожуш. Некъайисттехь ц1еххьана машен сацийна шопар а араиккхира, масех жима стаг а араиккхира, базара хьаьвдира уьш спринтерш санна. Сихонца схьадеира «цомгушчунна» «Шовда» хи, шопар хьалха т1екхиира зудчунна. Шега д1акховдийна туьма ца тергалдеш, сиха шен метте хиина, машен д1айолаялийтира цо.
– Бис-мил-л-л-а-а! – суна цкъа а ца хезинчу кепехь деха бисмал а доккхуш «Шовда» шиша ах сов дасдира зудчо.
Г1ала д1акхаччалца узарш ца совцадора «цомгушчо» шиша сиха дасдинехь а. Эххар а г1ала чуюьйлира автобус, Буг1ан-юрта а кхечира. Узарш деш йолчо дийхира цигахь ша машенара йоссийтар. Масех стаг хьалаиккхина цхьамма не1 д1айиллира, масех стага онда зуда охьайоккхуш г1одира. Эххар а ша йоьссина яьлча, «Газелан» не1 д1акъовла кхиале, чу а хьаьжина, цамгаран аз хуьйцуш, кхоьссира цо шена уллохь 1ийначу йо1е:
– Деллахь, йо1 ма лаьхьа а бу-кх хьо!
40. Накъосташна бекхам.
Цхьа даима а ц1е латон карх ца долуш волу ишколан, ц1еягориг (кочегар) а, цхьа даима а вижина 1уьллуш волу хехо а вара шайн цхьана накъостана хьехархочун гуттар а чураваьлла шайн хьаьким-зуда хьехош:
– Ахьа и вайн хьаьким ца ялаяхь, охашимма дехьа-сехьа ши куьг а лаьцна и хьуна мара тухур ю, т1аккха мохь хьокхура бу: «Ва, хьенехка тхан хьаькимах куьйгаш тоьхна-кх!» – аьлла.
Амма накъостана к1ордийнера церан йист а, барам а боцу бегаш. Эххар а реза хилира и шина накъостаца:
– Дика ду делахь, шу 1ен а ца дохку, ялонза ца волу со и хьаьким-зуда. Амма хаалаш, и айса ялийначу буса аса шу шиъ цуьнга балхара д1авоккхийтур ву! Шу шиъ муха белхало ву-м шушинна шайна а ма хаьий!
Кхин цул т1ехьа иштта бегаш бан карх ца долура ц1еягориган а, хехочун а.
41. Хьаькиман чай.
Тхан хьаькимо алапа схьадеъна, белхалошна массарнна а д1адекъна а ши-кхоъ де даьллера. Амма нохчийн мотт хьоьхуш йолу Тумиша бохуш цхьа зуда йисинера и алапа д1адаланза.
Хьаькиман гуттар а самукъадаьллачу цхьана дийнахь т1ееира Тумиша цунна:
– Алпа ма оьшур суна…
– Ой, ахьа х1ун до алапах, хьо маре яхан дезаш а яц! – бегаш бира хьаькимо.
Шолг1ачу дийнахь а хьаькиман кабинета улло г1оьртира Тумиша.
– Сан йиш яц! Ком-м-мисси ю вайна порверка ян йог1уш! – Тумишин алапа хир доций хаийтира хьаькима цу дийнахь а.
Кхоалг1ачу дийнахь а яра хьаьким, «ком-м-мисси» кочура а яьлла, дикка самукъадаьлла. Тумишин алапа дагадог1учохь а яцара, схьахетарехь. Шен белхало а гина гуттар а г1иллакхе елира хьаьким малх бицбеш елакъежар а гойтуш:
– Ой, Тумиша, хьо я маьрша, могуш! Схьайола кабинета чу, чай молийтур ду аса хьоьга!
– Ца деза чай-й-й! Алапа-а-а! – шийла мохь бейкира Тумишин ишколан массо а г1атийн уьйченашкахула йилбазмохь хуьлуш.
42. «Газелан» салонна чохь телпон.
«Соьлжа-г1ала – Катар-Юрт» микроавтобусан салона чохь тийна дара, г1ийла мох лоцуш д1аг1ертара «Газел» Катар-Юртан аг1ора. Х1инццалца шайн багош ца совцош эладиташ дуьйцуш болу зударий а бара тахана-м цхьана х1умана д1атийна, магнитофонан кедашна чухула уг1уш йолчу эшарга ладуг1уш. Ц1еххьана и ерриг а салон 1адош мохь олуш бийкира цхьана жимчу зудчун телефонан горгали. Горгали-м олучохь а дацара и ша «т1анк!» аьлла дуьзина долу вир а хелха дер долуш хелхаран эшар яр-кха сацан а ца туьгуш. Стенна делахь а жимчу зудчо схьаоьцуш яцара телпон. Масана хуьлу и бахьанаш, майрчо алапа схьаецча и дерриг а шега схьа ца делча а доккха дов ма дуй х1инцлерачу зударийн-м кичча.
– Хьажахьа, йо1, – ца 1енвелира салонан т1еххьа д1атарвелла волу цхьа воккха стаг, – телпон я схьаэца, я суна х1окху чохь жимма меттиг баккха. Кхин и хьан эшар яхлахь, цхьа хелхаран бал ца баккхахь минга дер долуш ву-кх со!
43. Дегабааман бина ц1еягориг (кочегар).
Шийлачу, мох хьийзочу дехачу 1ано ишколехь коран шалхачу шина б1аьргана юккъехь бисина моза шелонна дог г1елделла охьабоьжча хаара массарнна а таханлерчу дийнахь, буса ц1еягориг мила ву. Шолг1ачу ц1еягориган исмена йолуш бевзира х1окху дерриг а дуьненан чам кора юккъехь бисинчу мозийна а, шаволчу дешархочунна а, хьехархошна а. Уш дукха ч1ог1а бохлой кор-не1 схьайоьллий охьаховшара. И деха 1а а чекхадалан тохаделира иштта хьал ишколехь лаьтташ. Массеран а багаваг1ана, Гливудан сирла седа санна, вуьйцуш вара массара а ц1еягораца гергало к1езига долуш волу ц1еягориг. Эххар а б1аьсте а елира, ло дешина, малх а хьаьжина цхьа дуьне а долуш санна д1ах1оьттира ерриге а юрт а. Цхьана дийнахь «хьуьхь» а воьлла хьехархойн чоьнна чутилира оха дийнна 1ай Чак Норис санна, багара охьа ца вуьллуш вийцина ц1еягориг:
– Ой, шу х1окху чу а хевшина сой, сан кочегаркий бен кхин дуьйцуш х1ума а доцуш 1аш ду ма боху! Аса х1ун дина шуна? Аса мила вийна шун а, шун варх1ий а ден а? Аша х1унда вуьйцу со?!
– Хьалха-м вуьйцура оха хьо де юккъе бен ца дулийтуш… Х1инца-м дитина оха и хьо вийцар, – кхоьссира цхьана воккхачу стага-хьехархочо.
– И бохург х1ун ду? Аша х1унда ца вуьйцуш вара со? – кхин а ч1ог1а оьг1аза вахара ц1еягориг.
– Вайна арахь б1аьсте яьлла, ишколана чохь ц1еягоран сезон а чекхъяьлла. Оха стенна вуьйцур вара хьо х1инца? – къежира воккха стаг.
44. Автобусна чохь жима йо1.
Арахь тов хьийзош йовха яра. Нохчийн пешана чохь чулла жимма бен шийла йоцучу «Газелан» салона чу елира цхьа зуда х1инцца кога яг1ана хир йолуш жима йоь1ан куьг а лаьцна. Йо1-м воккха стаг санна шен, сирлачу б1аьргашца чохь 1аш болучу нахе а хьаьжина десса лаьттачу г1анта т1еяг1ана д1ах1оьттира. Г1антана т1ехаа хьалаялан х1инца а жима яра и. Т1ехьайог1учу нанас, ша хьалха охьа а хууш, шен кера хаийра керахь хаза буьрка а йолуш йолу йо1 а. Хьацаран т1адамаш дара йоь1ан хьаьжт1ехь тоьхна, зезагана 1уьйренца т1едиллина долу тхи санна. Нанас-м киснара жима йовлакх схьадаьккхина, цу т1ера берийн суьрташ а гойтуш даржийна йоь1ан хьаьжт1е хьаькхира и. Йо1 цецъяьлча санна шега хьаьжича, нанас элира:
– Хьуна хьацар даьлла, сан йо1. Вайшимма иштта жима йовлакх а хьаькхина д1адоккхур ду иза.
– На-н, соьга ло зим йовлак, – дийхира йо1а нене.
– Хьо х1ун да йоллу цунах? Аса хьокхур ду хьуна, – элира нанас.
– Буьркана хьакха йоллу со. Цунна а даьлла хьацар, – кхетийра йо1а шен нана.
45. Дорраха киса.
Соьлж-г1алахь Валаргт1е йоьдучу автобусан салона чу хевшина 1ара тхо, и «хьалайуьзина яллалца» бохуш. Суна хьалхха дуьхьала нисдиначу шина г1анта т1е охьахиира шиъ жима стаг. Салон-м сиха хьалайуьзира, амма даима а санна, автобус меттаха ялан а ца йуьтуш шайн «бизнес» массарнна а бале яьккхина лелара «лотокашна» т1ера х1ума йухкурш.
– Бананаш, мерза хи!
– Чипсаш, мерза хи!
– Пираьжкаш, мерза хи! – гуттар а салона чубовла а г1ерташ мехьарий хьокхура цара.
– Къор1ана т1ера схьаяздина деза дешнаш! Дорраха! – чуг1оьртира цхьа суркуй тиллина стаг а.
Эххар а уьш массо а пассажирийн кочара бохуш, аг1онца йолу не1 т1екъевлира кондухтора:
– Некъ дика… – олуш.
Амма «Газел» д1айолаелла ялален, кондухтор уллора д1айоллушехь чухьаьдда не1 йиллира кхин цхьана а «бизнес-вумена»:
– Киса! Киса! Дорраха киса! Распордажа! Дорраха киса! – чу ц1ог1элира зудчо, массо а кхераван йоллуш санна ши б1аьрг а къарзийна.
– Дорраха…, – ойлане элира суна хьалха 1аш волчу цхьана жимчу стага, иштта д1а алархьама.
– Вайна дуьненюкъара кризис а ю арахь, эцахьа, Мохьмад, дорраха долучура хьайна марчонна киса, – кхоьссира цуьнга накъоста.
46. ОБЖ-н хьехархо.
ОБЖ-н хьехархо веънера цхьана дийнахь ишколе балха, ша и аьнгли санна ц1ена маж-мекх дошуш юьхь а ц1анъйина.
– Хьо-м тахана иттех шарна жимвелла, – комплимент олуш вистхилира ишколан хьаьким.
– Къечу стеган кечвалар – маж яшар ду, – шен алапа к1езига хиларан т1е тидам бохийтуш, жоп делира ОБЖ-н хьехархочо.
– Ткъа, маж яьшча ахьа тоьхна 1ат1ар-м дезачех ду «къен стаг»! – алапа лакхадера доций а, ша тидам болуш хилар а гайтира хьаькима.
– Со, къечу нахана юккъехь хилла а, хьал долуш хилар гойтуш вара со-м, – ца вухуш жоп делира ОБЖ-н хьехархочо.
47. Хьаькимна ша йовзар.
Поэзийца шен гергалло дуй хаийта г1ерташ цхьана декъазчу байтахочо 8 Мартехь шайца болх бенчу хьехархошна зударшна язъйинера байташ. Амма и байташ дуьхьала д1аязйина яцара, шалхачу маттаца язъйинера уьш. Баснеш санна чулацам болуш йолу байташ йоьшуш, зударшна шаьш девзира. Шайн хьекъале хьаьжжина нислора церан шаьш довзар а. Литература хьоьшуш йолчу хьехархочунна ша евзира, географии хьохуш йолчу хьехархочунна а евзира ша шолг1ачу дийнахь. Кхоалг1ачу дийнахь а байташна т1ехь шайн аматаш карош, буьйлуш самукъадолуш бара зударий.
Зударийн де даздаран ажиотаж а д1аелира, цхьа ши к1ира хан а елира д1а. Цхьана дийнахь ишколан хьаькима а кхоьссира т1ехволучу байтахочунга:
– Ахьа язъйина байташ йийшира оха-м. Суна-м со а карийра царнна юккъехь. Ярий со а царнна юккъехь?
48. Къоначу валаргхоша захалу дийцар.
Х1инцца кхиъна йог1ун керта буьххье а яьлла кхайкхан тохаелла борг1алан к1орнеш санна курочу дог ойланца кхиъна вог1уш шиъ к1ант вара Валаргт1ерчу цхьана ишколан аг1ора д1аг1ерташ. Цаьршинга хьоьжуш лаьттачух тера дара шина к1антал цхьа ах шо жима жир йолуш х1инцца меъ хилан тохаелла йолу шиъ йо1.
Шина йо1ана Улле г1оьртинчу к1енташа бегаш бира:
– Д1адовла, шуьца захлу муха дуьйцур ду? Шу шиъ-м х1инца а берийн беша оьхучийн хан йолуш ма ю! Тхойшинна дукха жима ю шу шиъ! Шу даккхий хилича д1адог1ур ду тхо!
– Тхо даккхий хилчи тхо тхаьш дог1ур ду д1а! К1ентий маре боьлхуш ма ца хуьлу, – д1абинчух терра дуьхьал бегаш бира мехкарша. 26.04. 2009шо
49. КПСС-н ХХ – чу съездехь.
КПСС-н ХХ-чу партсъезде кхайкхина ваг1на вара нохчо а, г1алг1ай а. Гуттар а ч1ог1а беза хьеший бина т1еийцира вайнехан къонахий. Съездехь дукха нах гулбеллера.
– Сталин ж1аьла хилла, Берия ингалсийн шпион хилла! – трибунан буьххье ваьллачо ц1ог1 туьйхира.
– Актови залана чохь 1аш болучара цхьа безамехьа «гап, гап!» – аьлла т1араш туьйхира. Нохчийн къонах хьалаг1аьттина д1а, схьа а хьажира.
– Ай, 1а фу до, нохчолаг? – цецвелира г1алг1айн ма1астаг.
– Хелха вала волу-кх! – жоп делира нохчочо.
– Ай, эг1аваь хьо? Хьо х1ана вуол халха? – ца кхийтира г1алг1айн ма1астаг.
– И бохург х1ун ду? Х1окху кхойтта шарахь дуьххьара тухуш ду-кх х1окху 1едало вайшинна иштта безамехьа т1араш! Уьш эрна дойийла-м ма дац! – элира нохчийн къонахчо, хелхаран бохь а буг1уш.
50. Молла пхеаза кхойкху дийнахь-бусий.
Цхьа хан т1ехъиккхина стаг вара цкъа а ламаз дина воцуш, и дан кхин стогалла а ца тоьуш лелаш. Цуьнга «ламаз дан 1амаде хьайна», – бохуш цуьнан да а кхелхинера, вевза-везарг а шавериг а к1елависинера.
Иштта цхьана суьйрана нах гулбеллачу меттиге т1евеира х1ара. Гена доцучу, маьждиган момсарна т1ера молла кхайкхира. Ша ламаз деш воций хаийта а эхь хеташ волчу къонахчо, ша муха олу а ца кхеташ, элира:
– Ой, дийнахь пхоьаза бен кхойкхуш ма ца хуьлура молла!
– Кхин сов кхойкхуш ца хуьлу, – т1етайра адамаш.
– Ой, минот хьалха со чура араволуш радиочухула пхеалг1а ма кхайкхира цхьа молла, т1къа х1окха маьждига буьххье ваьллачо х1ун до кхин цкъа а кхойкхуш…
51. Нускал-лор.
Сан цхьа Аюб бохуш хьаша вара кест-кестта дарбанц1ахь бутт, ах бутт а боккхий вог1уш. «Шена зуда ялон лууш вериг дарбана ц1а охьавижан веза-кх» – олура цо кест-кестта. Иштта цхьана дийнахь схьакхечира и дарбана ц1ахь шен рог1ера ши-кхо к1ира а даьккхина. Жимма х1усамненах кхеравелла а вара и, больницехь ч1ог1а «лубов» хилла шена бохуш. Амма шен кхеравалар а дицделлера цунна цхьана цомгушчунах лаьцна ша дуьйцуш:
Жимма букъ т1ебаьлла а волуш вара цигахь, ломара охьабиссина цхьа б1е шо бен доцуш болчу ламаройх цхьа жима стаг. Цхьана буьйсана саде1ан х1аваэ араваьллачохь вон а хилла 1аш карийра суна и. Аса-м сихха ваг1ана лор кхайкхира. Ткъа лор а хиллера и жима стаг санна букъ т1ебаьлла. Ламаро жимма метта веъча бегаш бира аса:
– Муха хийтира хьуна, аса хьайна маха тоха далийна нускал?
– Дайли къор1анора, Шали базара ваг1ана харжайна ялайча санна ма яра иза. Муха карайна хьуна и? – цецваьллера ламаро.
52. Папуас-нохчо.
«Ой-т-т, я1-кх! Ма к1ордийна-кх суна х1ара нохчий! Кхин нохчо 1аш-вехаш волчу меттехь 1ийра ма вац со!» – ша-шега аьлла, генавелира цхьа нохчо массо а нохчашна. Сибрехахь, Магаданехь, Цхьанавовшахтоьхначу штаташкахь, Китайхь, и д1акхаьчначу меттехь бухахь, пешан т1ехьа гулъелла тараканаш санна, 1аш нохчий карабора цунна. Эххар а кхечира и Африкан хьаннийн къухашна юккъе, джунглешкахь яйна 1аш йолчу цхьана адамийн тобана юккъе. Цигахь-м массо а папуасаш бара, и ша, нохчийн чохь бутт гучубала бицбеллачу хенахь хуьлуш йолу буьйса санна, 1аьржа а болуш. Нохчех ведда вахана нохчо а вацара кхин башха к1айн чкъурах схьаваьлла, цхьана лаьмнийн акхачу хотешкара вара и ша а. Буьйцуш нохчийн мотт бацара папуасашна юккъехь, вовшен кхайкхош не1алташ дацара. Ша и ялсамане санна меттиг яра-кх! Иштта самукъане цхьа к1ира хан текхира нохчех ведда веанчо. Амма и ирсен к1ира чекх даьлла ца даьллера, цхьана малх хьаьжина самукъанечу дийнахь, лаьмнашкахь ц1еххьана мархаш а хьаьдий тухуш долу дог1а санна, кхуьнан ялсамане кхувлуш. Х1окхунна т1ех1оьттира аг1ора ши ког а болуш, чоьшах ваьлла а волуш цхьа папуас:
– Нохчий вуй хьо?! – ша и валаргхойн, гиххойн, катархойн санна болчу, ц1енчу нохчийн маттахь вистхилира папуас.
– Вац! – дуьхьала велира нохчех ведда веинарг-м.
– Вуй? – вухавалан дагахь вацара папуас а.
– Вац!
– Вуй?
– Вац!
– Вуй?
– Ву! Ва-а, ву! Хьан да хьакха юуш валларг!
– Ой, х1инццалца иштта ца олуш х1ун деш 1ара хьо ткъа? Цхьа итт туьма ахча хир дацара хьоьгахь?.. Ас кхана д1алур ду хьуна, – дехарен велира папуас.
53. Асетан телпо.
Ширачу заманчохь баьхна нарт-эрстхой санна оьзда куц-кеп а долуш йолу хьехархо Асет яра цхьана дийнахь ишколан цхьана тайначу чохь компьютерца ловзаяьлла 1аш. Цу чу нисвелира катархошна а, валаргхошна а, гиххошна а шен мотт бахьана долуш бале ваьлла волу цхьа воккха стаг. Оьздачу Асета шен эсалчу аьттун куьйгаца ловзош болу компьютеран дахка-м гуш а бацара воккхачу стагана. Амма и ца 1енвелира Асетас шен курочу аьррун куьйгаца ловзош йолу, къегина хиларе хьаьжича, дикка мах хир болуш йолчу мобилан телпо-н мах ца хадийча:
– Деллахь, Асет, ма хаза телпо ю-кх хьан! Ма еза хир ю-кх и туьканахь юхкуш! – хастийра цо телпо.
Амма Асет-м яцара шен телпо а, хастийна 1ийра йолуш. Йо1ана-м шен мах а хадон лаьара иштта лаккхара.
– Болх дика хилчи, телпо а хуьлу-кх, воккха стаг, еззаниг! – т1етуьйхира Асета.
Воккха стаг цхьана х1умана-м ойлане велира. Жимма 1ийна, баттара шаьлта санна, яьккхира цо шен чухуларчу киснара истори кхуллучу хенахь дуьненчу яьлла хир йолуш йолу шен телпо. Д1ахьовзош, схьахьовзош хьаьжира и шен хан теккхина йолчу телпога. Эххар а, ца аьлча ца 1енвелира воккха стаг, аьттан ма1аш санна шен дагах г1оьртинарг.
– Деллахьа, Асет, ахьа дуьйцург бакъделахь, х1ара сан болх ма декъаза болх хилла-кх! – элира цо.
54. Харцо
– Харцо цхьана х1умана т1ехь бен йийца магош яц, – хьехар дора хан текхина волчу стага жимчу стагана.
– Ваша, муьлхачу х1умана т1ехь? – хоьттура жимхас.
– Зударий хастош!
55. «Т1аьххьара горгали»
«Т1аьххьара горгли» деза де хуьлучу дийнахь ишколан уьйт1ахь х1оттийначу доккхачу ловзаргахь дукха хелхайийлина корта хьаьвзинчух тера дара къоначу шина йоь1ан. Бехк а бацара оцу шимма-м «на отлично!» юкъара ишкола чекхъяьккхинера. Ишколан коьрта чувог1ийла масех не1 яра, амма царах юккъера цхьаъ бен еллалуш яцара. Цхьайтта шарахь х1ора дийнахь бохург санна шина йо1а йоьлуш хилла не1, ца карош д1асахьийзара мехкарий:
– Чу муха яхан дезара кхуза? – бохуш.
– Батт хьалха! – кхетийра ши йо1 т1ехьавог1учу хьалхарчу классера дешархочо.
– Ирс-я1 хьан. Кхин 11 шарахь деша деза хьан ишколехь, – жимчу к1антах хьоьгуш хьаьжира ши йо1, шайга аьлларг а ца тергалдеш.
– И ирс шун делар-кх! Ч1ог1а-м дохку шу а, сан да-нана а сох парфессор ван г1ерташ, – реза вацара хьалхарчу классан дешархо.
56. Деза де.
«Т1аьххьара горгали» олу массо а ишколан деза де даздеш ч1ог1а къахьегна к1адъелла, шен кабинета чу еъна, шен г1анта т1е охьахиъна доккха садаьккхира ишколан завуча:
– Х1ара деза де-м чекхдели… Эх1, х1инца «Хьалхара сентябр» чекхдаьлла делахьара!
57. Юьртда.
– Х1ара тхан юьртда ву, физрук хилла а ву ша, – кхетийра валаргхоша шайн хьаша.
– Деллахь, шуна куьйгалла дан-м физрук бен мегар а вац, – жоп делира хьешо
– И х1унда элира ахьа? – реза ца хилира х1усамдай.
– Деллахь бу и ч1ог1а могшалла оьшуш болх, валаргхошна т1ехь куьйгалла дар, – элира хьешо.
58. «Газел».
Да висарг, дукха жима йина а хилла и нохчашна йина «Газелаш»! Автобус йоьттира! Кхин цкъа а йоьттира! Х1оранна карахь 1аш а цхьацца бер, стаг, йоккха стаг дара. Геннарчу сонехь 1ен йисира цхьа жима зуда, карахь стаг а воцуш. Автобус д1айолаелча доккха садаьккхира оцу зудчо-м. Амма жимма дехьаяьлча, автобус сацийна салон чу мохь элира шоп1ара:
– Х1ара новкъахь лаьттарг сан стунваша ву! Цхьа меттиг буй салон чохь?!
– Бу, – г1ийла къежира жима зуда.
– Мичхьа? – б1аьргаш къарзош салон чу вог1авелира шоп1ар.
– Х1оккхуза, – шен коьшкалахь меттиг гайтира жимчу зудчо. – Боьрша стаг керахаавойла а дац, – кхетийра цо реза боцу нах.
59. Физрук.
Шо чекхдолуш классаш а худалуш д1айоьлху, малхехь дохк санна. Амма физрук вухура волуш-м вацара. Классе чуволушшехь, дуьххьара шена дуьхьала кхеттачу дешархочунга хаьттира цо:
– Мас дешархо ву шун классехь тахана?
– Цхьаъ, – бехкалла вахара дешархо.
– Х1умма а дац! Виходи строится! – мохь туьйхира физрука.
60. «Некъахо».
Ишколана т1ехьа йоьхна лаьттачу ГАЗ-53 машенан кабинан чу а хиина, машен хохкуш ву шаьшиъ, бохуш ловзуш воллура жима ши дешархо. Кхоалг1а к1ант улло веъна, чу хаан дагадеъна, х1иллане велира:
– Х1ей! – мохь элира цо. – Шу стенга доьлху?
– Гихта! – ловзаре велира х1илланах ца кхетта кабинан чура ши к1ант.
– Со а вара Гихта воьдуш, д1авигийша, – дехаре велира к1ант.
– Ваша, ва ваша, тхо Катар-Юрта доьлхуш ду, д1авала новкъара, – жоп делира кабинан чохь 1аш волчу шимма.
61 . Хьалхара смена.
Шолг1а сменехь урокашна горгали бекан цхьа минот хан йисича, ишколан уьйча велира хьехархо. Девнечу завуча, оьг1азен б1аьргашна к1елд1ашкахула стелахаьштиган ц1ераш а тухуш, кхоьссира:
– Хьо хьалхарчу исменехь урокаш луш ву ца элира ахьа соь?!
– Хьалхарчу исменехь, – доцца жоп делира хьехархочо.
– Ткъа хьо, дела мостаг1, шолг1а исмена йолаяллалца а 1ийна стенна вог1уш ву ишколе?
– Нахана шолг1а исмена елахь а, суна-м хьалхара ю х1ара… Сан кху исменехь бен урокаш яц, – хаьхкина йоьду вир санна уроке д1атилира хьехархо.
62 . ТОП-П-П-П-П…
ОБЖ-н хьехархо вара, даима а санна, бегаш беш, урокехь цхьацца забарен дийцарш дуьйцуш, берийн самукъадоккхуш:
– Шуна хаьий ткъа, сан хьоменаш, «топ» дашехь масс элп «П» яздо? – хаьттира цо.
– Ахьа х1ун дуьйцу, хьера ваьлла хьо? Вайн ОБЖ урок ма ю, нохчийн меттан урок ма яц! – цецвелира, иттех шарахь ша доьшучу хенахь шиъанал лакхара оценка ца яьккхина дешархо, даима а санна, шега хоьтту аьлла тарделла.
– Ма кхера шиъ х1оттор дац хьуна, – сапарг1атдаьккхира дешархочун ОБЖ-н хьехархочо.
– Суна схьахетарехь-м, «топ» дашехь цхьа элп «п» хуьлу, – шен дахарехь дуьххьара нийса жоп делира дешархочо, нохчийн меттан урок хиллехь-м, ца нисдала а мегара цуьнан иштта.
– Х1ан-х1а, нийса жоп ца дели ахьа, – дог дохийра дешархочун ОБЖ-н хьехархочо. – Цкъа йолуш топ и елахь, цхьа элп «п» хила деза оцу дашехь, амма и топ шозза йолург елахь, ши элп «пп» дилла а деза оцу дешахь.
– 1алелай, «Красавчик» пулеметана (масатоьпана) чаккхенехь-м масийтта б1е «п» яздан дезара ду т1аккха! – цецвелира даима а шиъаш дохуш волу дешархо.
63. «Газелан» т1ехь цхьа меттиг.
– Цхьа меттиг буй Валаргт1е кхаччалц? – хаьттира аса, шен сох пхи туьма декхар доллуш санна соьга хьоьжучу кондухторе.
– Бу! Ч1ог1а а болуш бу! Цхьа меттиг, хьуна битича санна, хьоьга хьоьжуш лаьтташ! – со дагазавоккхуш хабарен елира кондухтор-м.
Некъана дог1у пхи туьма д1а а делла, со салон чуг1оьртира, амма гуш цхьа а беса меттиг бацара «Газел» чохь. Хаттаран хьаьрк а хилла, хьаьжира со кондухторе.
– Бу хьуна! Лаха ахьа! – т1ечевхира суна кондухтор.
Ас кхин цкъа а лехира меттиг, амма меттигах тера хеташ йолу хералла а ца хааелира суна хевшина 1енчарна юккъехь. Айдаран хьаьрк хилла хьаьжира со кондухторе! Амма кондухтор-м шен къамелана чаккхенехь «ц1оьмалг» хьаьрк х1оттийна лаьттш яра, цаешаш суна а, шайолчу «Газелана» а «т1ехула» а хьоьжуш.
– Схьабелла хьайн ши б1аьрг, ва тентаг! Кхин цхьаанаш а куьзганаш эца хьайна! Хьажал д1о! – т1еххьа хебина 1енчу шина зудчунна юккъе шен оьг1азен п1елг хьажийра кондухтора.
Плюс пхиъ-ах куьзгашна чухула дикка хьаьжира со кондухтора гойтучу метте. Шолг1адиллина «Даймохк» газета юкъадаххал меттиг бара, и ша газетан цхьа аг1о санна, озачу шина зудчунна юккъехь. Со зударшна улло г1оьртира:
– Со охьахаа мегар дарий? Оцу ешапа-кондухтора-м цхьа меттиг бу боху, ах меттиг мукъна а лойша суна, – олуш.
Шина зудчо-м шайна ца хеза кеп х1оттийра «кочара вер вац техьа» – ойла хир яра церан декъазчу кортошкахь. Оцу хенахь, ц1унна чуг1уртуш йолу тарахтор-булдозар санна, салонна чуг1оьртира кондухтор. Шина зудчунна т1ейог1аелира и:
– Д1асахила, лаьхьарчий! – т1ечевхира и шина зудчунна.
64. Мечикшана реза йоцу йо1
– Оцу бахкбеллачу мечикийн хьожа ч1ог1а ца еза-кх суна! – ас чура араволуш «юьхь ц1анйина», ца кхоош сайна тоьхначу одеколонна реза яцара «Газел» чохь суна уллохь нисъелла цхьа йо1.
Нохчийн маттахь суна 1оттар а йина, шен «подружкица» къамеле елира йо1. Цунна-м тарделла хиллера, со а ву оцу «бахбеллачу мечикийн» х1ух схьаваьлла. Шина «подружкийн» къамелехь наггахь охьадоьжна а дацара нохчийн дош, «базаран оьрсийн мотт» бара цу шимма буьйсург. Ца аьлча ца 1ен велира со:
– Бахкбеллачу мечикийн мотт-м бу мерза, – лерге элира аса йо1е.
Кхин д1а болчу некъан бохалла хилира: оцу йо1а нохчийн мотт буьйцуш, цуьнан «подружкас» дуьхьал шен базаран мотт буьйцуш.
«Подружкина-м» ца хезинера ас сайна уллорчунга лерге аьлларг.
65. Доттаг1чунна Шахабана.
– Ма ч1ог1а реза вац-кх со оцу Шахабна, вац дера! – сайна пекъар-Шахабах хетарг элира ас цуьнан доттаг1чунга Аюбе.
– Говра корта а болуш велар-кх и Шахаб, – доцца д1ахадийра Аюба.
– Говра корта-м сов хир бара цунна, – ца 1ебара со-м.
66. Айс-сайна.
– Ц1а а вахана шайн «куртой» бани чохь «парился» дин ахь, – хаттар дира соь Аюба.
– Деллахь, ша и к1ант-стаг санна жимвелла ара-м вели со оцу бани чура, – жоп делира аса.
67. Шахабан корта.
– Ой, телпо йицъелла ваханера со байна етт лаха! – шен накъост Аюб кхетон г1ертара пекъар Шахаб.
– И бохург х1ун ду? Телпо муха йицлура ю т1ехь корта болчунна? – кхетан ца туьгура Аюб.
– Ой, иштта йицъелла-кх! Ас-м леррина юкъах доьхка а дихкинера, телпо чуйуьллуш йолу ботт а т1ехь, ткъа цу чу телпо йилла корта ца хили-кх, – бехказа вуьйлура Шахаб.
– Набарна вуьжуш корта схьабаккха йиш елахьара, и корта а бицлура дера бара хьуна-м ц1ахь, – реза вацара Аюб.
68. Валаргхойн «Выпускникаш-2009» Закан-Юртахь.
Нохчийчохь а ц1еяххана йолчу Закан-Юртарчу хьоладайша хьошалг1а кхайкхинера районера ишколан «2009 шеран выпускникаш». Йоккхачу майданахь даар-малар х1оттийна, бевзиш болу а, бовзаза болу а артисташ кхайкхина, боккха синкъерам х1оттйинера заканюртхоша. Оцу синкъераме кхечира валаргхойн кура к1ентий «Выпускникаш-2009» а, шайна хьалха ваьлла ишколан дирехтор а волуш. Валаргхойн кегийн нах-м шайн дайшгара дисина хаза г1иллакх лелон г1ерташ дукха оьзда, тийна-таь11ина лелара оцу дуьненан синкъерамехь. Амма кегийчу нахана юккъахь волу шиъ жима стаг 1исай, Са1идий вацара, оьздангалех воьттина велахь а, шайна доьг1нарг а, лула-кула доьжнарг а ирс шайн каден куьйгак1елара долийтур долуш. Хелхаран го шорбеш, хелхаран чан уьйбуш, цхьаъ бен йо1 яцахь а, ший а цуьнца хелха вуьйлуш, чура ваьллера ши к1ант. Амма оцу дийнахь къаьсттина доца хилла де а суьйренга г1оьртира. Синкъерам а йистенга белира. Валаргхой а, заканюртхошна баркал аьлла шайн ц1ехьа бирзира. Ишколан кет1ахь сецинчу автобусна чура охьабиссира кегийн нах а, цаьрца цхьана дирехтор а. Кегийн нах мелла а догдоьхна хетабеллачу дирехтора, церан дог-ойла жимма айба дагахь элира: